Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И Іаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хІуманаш гойтур ду ахь». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». «Хьайн Іаса схьа а эций, ахьа а, АхІарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тІулган тархе деха, тІаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». Веза Эла волчуьра, тІорказна уллора, Іаса схьаийцира Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара. Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Іораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Іаса Цо хІорда тІехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю.
Выбор основного перевода