Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сийлахь тІемало ву, Цуьнан цІе ЯхІува ю. Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тІом бийр бу, Мисар-махкахь шун бІаьргашна гина ма-хиллара. Царах ма кхера, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тІом беш ву“». «Со волчу а дуьйлий, ГавІон-гІала хІаллакьян гІо де суна, цо ЮшаІаца а, исраилхошца а барт барна». Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тІом беш. Гонахарчу латтанийн ерриге а пачхьалкхашкарчу адамашна тІе Делан кхерам боьссира, Исраилан мостагІашна дуьхьал тІом бинарг Веза Эла хиллийла шайна хезча. Цундела шайна коьман маІан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тІом беш хир ву!» Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кІелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан.
Выбор основного перевода