Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Марханийн бІогІам а, цІеран бІогІам а халкъана хьалхара дІаболуш бацара. «Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Іалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дІавига а. ХІинца, дІа а гІой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дІадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гІур ду. ТаІзар даран дийнахь Ас оцу нахана таІзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш». Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХІинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.
Выбор основного перевода