Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хІоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Іалашвен йолу гІап ю. Ас хьуна ден долу совгІат а доккха ду». Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. Цо элира: «Массо а яхІудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхІушапти-паччахь, ладогІалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хІунда аьлча и тІом шун бац, иза Делан тІом бу. Ткъа хІинца аша бан ца беза и тІом. Шу, дІа а хІиттий, хьоьжуш Іе шайна Везачу Элера хир долчу кІелхьардовларе. ЯхІудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву». Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Хьуна оьгІазбаханарш юьхьІаьржачу хІиттина а, тІе эхь деана а хир бу. Хьуна дуьхьалбевлларш, хІумма йоцург а хилла, хІаллакьхир бу. Ахь хьайн мостагІий лехахь а, хьуна уьш карор бац. Хьуна дуьхьал тІом беш берш, хІумма а йоцург хилла, дІабевр бу. ХІунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела. Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга: „Ма кхера, Ас хьуна гІо дийр ду“. Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. –
Выбор основного перевода