Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», – бохучу дешнашца шайна тІебеана бала гира исраилхошна. Пи-ХІахьиратера ара а бевлла, хІорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цІе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цІе йолчу меттигехь меттамотт дІахІоттийра цара. Ахьа тхан дайшна хьалхахь Эрзийн хІорд бекъа а бекъна дІахІоттийра, уьш декъачу лаьтта тІехула чекхбовлийтархьама. Амма тхан мостагІий кІоргачу хІорда чу кхиссира Ахьа, ткъа уьш, тІулгаш санна, дерачу хи буха а бахара. Цо хІорд а лакъийра, латта декъа а хилийтира. Тхан дай, Йордан-хи а лекъна, декъачу лаьтта тІехула гІаш дехьабевлира. Цигахь Цунна даккхийдеш хуьлийла тхо! Эрзийн хІорд дІаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара. Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бІогІамо ларбина хилар а, хІорда бухарчу лаьтта тІехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна. Тешар хиларна, лаьтта тІехула санна, ЦІечу хІорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гІоьртина мисархой хи буха бахара.
Выбор основного перевода