Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хІордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дІа а лакъийна. Хьайн ницкъаца хІорд а дІасабекъабалийтира Ахь, хи чуьра саьрмикийн кортош а кегдира Ахь. Цо Эрзийн хІордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гІум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дІабигира. Иза гина болу Эрзийн хІорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира. ХІун хилла хьуна, хІорд, хьо дІа хІунда бедда? Хьуна а хІун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла? Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дІасадекънарг, абаденналц Шен цІе гІараяккхархьама? Мичахь ву уьш Іаннашкахула дІабигнарг?» Шерачу арахула дІаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дІабоьлхуш.
Выбор основного перевода