Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дІа хІунда тесна те Ахь? Хьайн жа санна долчу тхуна дар хІунда велла те Хьо? Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргІатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тІехь Іаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа, Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна, хІунда аьлча тхан гІора дІадаьлла. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгІазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гІеллур дара, Іаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со. Цо элира: «Иза Сан халкъ ду, мекарлонца лелар доцу бераш ду уьш». ТІаккха Иза церан КІелхьардоккхург хилира.
Выбор основного перевода