Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Ас сайн куьг шуьга дІакховдийра, амма соьга ладугІуш стаг вацара. «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. ХІунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогІа ца лууш а ду. Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле. Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаІ-ЯхІугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Іийра Со Сайн куьйгаш дІакховдийна муьтІахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».
Выбор основного перевода