Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегІа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХІумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», – эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хІуманах кхеташ вац», – эр дуй хІумано? Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»? Иштта боху Исраилан Везачу Дала, иза Кхоьллинчу Везачу Эло: «Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хІуьтту шу? Сан куьйгаша бан безачу балха тІехь Суна омра дан муха гІерта шу? Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду. Хьо-м тхан Да ву, ИбрахІимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цІе «Тхан ПаргІатдохург» ю. Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?» Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегІа лараме долчу гІуллакхна, ткъа важа пхьегІа ларамаза долчунна ян?
Выбор основного перевода