Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“, ткъа Іесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де, стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де, кура корта а айина, деза детташ ма дийца“». ХІунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а, я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар, Иштта хІума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кІохцалан а коьллаш евр ю. КІеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хІинца тхан мостагІаша хьаьшира Хьан деза цІа. „Аша дуккха а долчу хІумане сатуьйсу, амма кІеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цІа деанарг, Аса Сайн садеІарца дІадаьккхина. ХІунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хІорра а, сихло, шайн-шайн цІа доьлхучу хенахь, Сан цІа хІинца а доьхна лаьтта дела ду иза. „Мила висина шуна юкъахь, хІара цІа цуьнан хьалха хиллачу сийлаллехь гина верг? Ткъа хІинца муха гуш ду шуна хІара? Шун бІаьргашна хьалха цхьа а доцург ца хилла ткъа цунах?
Выбор основного перевода