Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Хьан оьгІазалло хІаллакдо тхо, Хьан дераллах тхо кхоьру. Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь. Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». ЛадогІа Соьга, аьрха адамаш, нийса долчунна генахь дерш. Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дІасакъастаран кехат, Ас иза дІайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дІаяхийтина ю шун нана.
Выбор основного перевода