Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга. Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Іаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а. Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса». Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаІ-ЯхІугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Іийра Со Сайн куьйгаш дІакховдийна муьтІахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе». Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара. Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла.
Выбор основного перевода