Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа, къора а, хІумма а ца деш ма хилахьа, Дела. «Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Іийра Со, садетташ а, собаре хилла а Іийра. Амма хІинца, бер дечу зудчо санна, Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду. Цийонан дуьхьа дІасоцур вац со, Ярушалайман дуьхьа тийна Іийр вац, цуьнан нийсо, Іуьйренан серло санна, гІатталц, цуьнан кІелхьаръялар, хаьштиг санна, серлаяллалц. Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Іийр ву те Хьо оьгІазвахана, Ярушалайм-гІаланах а, ЯхІуд-мехкан гІаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таІзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»
Выбор основного перевода