Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю: схьахадийча а, иза денлур ду, иза керла патар ца долуш а дуьсур дац. Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гІуда такхаран сагІа дахь, тІаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу. Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду». Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хІокху дисинчу халкъана дІалур ду. Берриге а махкахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – ши дакъа хІаллакдина а хир ду, лийр а ду, ткъа кхоалгІа дакъа дийна дуьсур ду.
Выбор основного перевода