Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Кqac*урачийн дегнаш дерстина, мохь санна, ткъа аса Хьан товрат-хьехамах зовкх хьоьгу. „ЛадогІа, Іовдал, кхетам боцу къам. Шун бІаьргаш ду, амма шуна хІумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хІумма а ца хеза. Бавел-махка йийсаре дІабигначу хьайн къомах берш болчу а гІой, цара хьоьга ладогІахь а, ла ца догІахь а, цаьрга дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“» Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“ „царна, хьоьжжушехь, хІумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тІебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“». Іийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца гархьама, ладугІуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» „Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. ХІунда аьлча дегнаш чІагІделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бІаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бІаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тІебирзича, Ас дарба дийр дара царна“». Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».
Выбор основного перевода