Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш гуламан четар чу боьлхуш, дегІах хи кхарза деза цара бала ца балархьама. Иштта дан деза шайн гІуллакх дан сагІа доккхучу кхерча тІебоьдучу хенахь а, Везачу Элана цІера тІехь сагІа даккхархьама. Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». Кхин а цкъа вай дала йиш хІунда кхуллур яра? Оцу сийлахьчу цІеро вай дуур ду. Нагахь санна вайн Везачу Делан аз кхин а хазахь, вай лийр ду. Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!» «Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло. «Ларлуш хила шайн доттагІех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хІунда аьлча хІора гергарчо Іехаво, ткъа хІора доттагІчо эладита даржадо. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦІарца санна цІандийр ду Ас Сайн халкъ, Іазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хІун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна? Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо. Ас малор ду церан баьччанашна а, хьекъалчашна а, мехкадайшна а, меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тІемалошна а. Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. ШамІа-Кипас, и ган а гина, Іийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДІагІохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!»
Выбор основного перевода