Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тІеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тІе. Цара, иза дІа а лаьцна, мерІуьргех чІуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дІавигира. Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
Выбор основного перевода