Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн даг чохь вониг а кхуллу, цара зулам дІа а хІоттадо. Іесачеран кийрано мекарло йоккху». Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо, кхечарна вон болх хила луучо ша-шена харцо кхуллу. Цундела иштта боху Исраилан Везачу Дала: «Сан дош емал а дина, гІелонна а, гамделлачунна а тІетевжина шу. Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хІунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира. Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу. Везачу Элана гира иза, ткъа Цунна тамехь дацара нийсо цахилар. Амма шу ледеш долчу дешнех тешна Іаш ду, царах шайна пайда бер боццушехь.
Выбор основного перевода