Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Аша боху: «Іожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, иза тхуна тІе кхочур дац, хІунда аьлча оха харцонах тхайн дІалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Іехийра оха. Тхайн Делах дІадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха. Шун къомана Ас таІзар дар эрна хилла, исраилхой, хІунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хІаллакбина».
Выбор основного перевода