Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цийон нийса йинчу кхело кІелхьарйоккхур ю, Далла тІебирзина цуьнан бахархой кІелхьарбохур бу, Дала бакъдерг лела а деш. Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хІора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тІера дІадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта. ДІадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хІунда деза, Исраилан халкъ? Цу хенахь хІорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КІелхьарбаьхнарш Дала Ша тІекхайкхинарш хир бу». Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. И совгІат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тІаьхьабогІучу, Дала Шена тІекхойкхун болчу массарна а». ДІадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХІетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тІе халкъ, Ас Сайн дешнаш дІакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дІахезча, кху лаьтта тІехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Іамор ду цара“. Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Сайн ялхойн дешнаш дІачІагІдо Ас, Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до. Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“, ткъа ЯхІудан гІаланашка: „Уьш юха а дІахІиттийна хир ю, церан къапалгаш Аса юхаметтахІиттор ю“. Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ІиндагІехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дІасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дІахІиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ – алийта а». Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дІабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло. Шен куьг дІа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХІинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хІунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. – ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Аса цаьрца массо а тІейогІучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кІорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дІа ца къастийта. Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду.
Выбор основного перевода