Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гІала хІинца, кхечу деланашна Іамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Іаш яра, амма хІинца цигахь адамаш дойурш бен бац! Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагІар хино талхийна. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. Цара харцверг бакъво, шайна кхаьънаш делча, ткъа догцІеначарна нийсаниг дан ца магадо!
Выбор основного перевода