Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чІир екхаран шо тІекхаьчна. Сайн оьгІазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цІий лаьтта охьадоьттира Ас». ХІара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Іийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дІалур ду царна цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггІуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягайора, гунаш тІехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гІуллакхашна доггІург Ас токхур ду царна“». ЛадогІа! ГІалара схьахезаш гІовгІа ю, Делан цІа чуьра аз ду хезаш. Иза Шен мостагІашна бекхам беш волчу Везачу Элан аз ду.
Выбор основного перевода