Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Хьан бедарш цІен хІунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна? «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгІазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цІий Сан обанна тІе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас. Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тІедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хІума кхочушдича, кхидІа а латтархьама а. Цундела иштта дІахІитталаш: шайн гІодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дІа а ехкий, нийсонан гІагІ шайна тІе а духий, машарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий. Цу массо а хІуманна тІе тешаран турс схьаэца – цІе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дІадайа таро хир ю шун. КІелхьардовларан гІем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду. Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза.
Выбор основного перевода