Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІаргІулин а, чІегІардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бІаьргаш гІийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кІелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“ Ас Сайн нийсо улло схьаеана – иза генахь яц. Ас лун долу кІелхьардовлар хьелур дац. Цийонна кІелхьардовлар лур ду Ас, Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю». Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тІе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тІебогІу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Іаьржачу боданехь лела. Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хІунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира. Вай долчу машар кхочуш бу бохуш, сатийсинера вай, амма диканиг ца кхечи вайга. Вай долчохь дарбанан хан хиларе сатийсинера вай, амма цуьнан метта къемат кхечи вайга. Ткъа биснарш, лаьмнашка дІа а бахана, цигахь хир бу, тогІешкара къаьхкина кхокхий санна. Шаьш летийна къинош бахьана долуш, цара узарш дийр ду.
Выбор основного перевода