Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша дийна волчу хенахь паччахьан тогІи чохь Абушалама ша-шена хІоллам хІоттийнера. ХІеттахь цо аьлла хилла: «ЦІе йиц ца яйта цхьа а кІант вац сан». Цу хІолламна цо шен цІе тиллина хилла. Тахана а, «Абушаламан хІоллам» аьлла, цІе йоккху цуьнан. Цу дийнахь ЯхІуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гІала чІогІа ю. Гонах долу пенаш санна а, арахула йолу чІагІонаш санна а, Везачу Эло тхуна кІелхьардовлар ло. Хьан тІаьхье хир яра гІум санна дукха, хьох схьабевлларш – гІамаран буьртигаш санна. Церан цІе цкъа а йовр яцара, Суна хьалха уьш дІахедар бацара». буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цІе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цІе. Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгІатна говрашна тІехь а, гІудалкхаш чохь а, ворданашна тІехь а, бІарзанашна а, эмкалшна а тІехь Сан безачу лам тІе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цІийне цІеначу пхьегІи чохь совгІат ма-дарра. Ткъа, Ша тІе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кІайн тІулг а лур бу Ас, тІеязйина керла цІе а йолуш. И цІе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“». Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь.
Выбор основного перевода