Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Хьан серлонна тІе халкъаш догІур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тІе. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха. Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гІуллакх дийр ду. СагІа доккху Сан кхерча тІехь тамехь долу сагІа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цІийнан сийдийр ду Ас. Мархаш санна а, шайн баннаш тІе доьлху кхокхарчий санна а, тІемаяьлла йоьдург хІун ю? Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина. Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со. Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дІакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а. Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш. Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догІура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цІе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара. Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара. Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла. Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо, Шен дегІ сагІина дІадаларца. Цу тайпана, товрат тІехь долу тІедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. ЖІарах дІатохар бахьана долуш, цхьана дегІа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагІалла дІадаьккхира Цо.
Выбор основного перевода