Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІа лаьтташ болу лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, цунна тІе дерриг а халкъаш оьхур ду. Берриг а Сан безачу лам тІехь зен а, зулам а хир дац, хІунда аьлча, хино хьалабузу хІорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта. Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна. Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам». Борз а, Іахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тІехь», – боху Везачу Эло. Цо элира: «Яздина ду: „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». Іийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина». Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь. кхечу къаьмнех болчу нахана юкъахь Дала леррина къобалвинчу Іийсан гІуллакх дан. Динан дас санна, Ас Делера болу хаза кхаъ кхайкхабо, кхечу къаьмнех болу нах, Делан Синехула Далла хьалха дІа а къастийна, Далла тамехь долу сагІа санна хилийтархьама. Іийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагІа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цІе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.
Выбор основного перевода