Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а». Везачу Элана гІуллакх дан а, Цуьнан цІе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тІаьхьахІиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чІогІа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш «Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гІуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гІуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь,
Выбор основного перевода