Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига баха. Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тІехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дІакхетар бу, Якъубан тІаьхьенах хотталур бу уьш. Везачу Элана гІуллакх дан а, Цуьнан цІе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тІаьхьахІиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чІогІа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш ТІаккха Пилап дІавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьІна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цІе йолчу зуда-паччахьан цІийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхІарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Іибадат дан а веана, И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.
Выбор основного перевода