Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а». Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьІначарна Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со. Кхечу мехкашкарчу наха шун жаш дажор ду. Хийра нах хир бу шун латта лелош а, кемсаш кхиош а.
Выбор основного перевода