Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш дІадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду. ТІеюху хІума санна, Ахь уьш хуьйцур ду, тІаккха уьш къайладохур ма ду. Харцонийн машшашца шайна тІаьхьа къа кхоьхьучеран а, гІудалкхийн доьхкаршца санна, зулам шайна тІеийзочеран а къа ду. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Бедар санна, нецано дІабуур бу уьш, тІаргІа санна, нІаьно дІакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кІелхьардаккхар тІаьхьенашкара тІаьхьенашка кхочур ду». Хьуна дуьхьал даьккхинчу цхьана а герзо хьуна зулам дийр дац. Хьо бехке вечу муьлххачу а маттана дуьхьало ялур ю хьоьга. Иза Везачу Элан ялхойн тІаьхье ю, Соьгара долу церан бакъдар ду», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода