Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кІелхьарвоккху хан тІееача, гІо дийр ду хьуна. Ас Іалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахІотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а, Кхера ма кхера – кхин юьхьІаьржачу хІуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьІаьржачу хІоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Іаш сий дайна хилар дага а догІур дац хьуна. Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чІогІа дог долуш а вина, дІахІоттор ву. Алмаз тІулгал а чІогІа ду, иштта чІогІа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а».
Выбор основного перевода