Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хи чуьра чІара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогІур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“». Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Везачу Эло Мусага элира: «Везачу Элан ницкъ ца кхочуш хІун ду? Хьуна гур ду, Аса хьоьга аьлларг кхочушхуьлу я ца хуьлу». лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла, къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана. Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта. Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Іийна Со. Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хІунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгІира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тІе, хІунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгІира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура». Цо омра дича, хІорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргІалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.
Выбор основного перевода