Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дІадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагІанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагІанаш Ахь ца дийхира. Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла». И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела». Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тІедехкина гІуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас. ХьалагІовтта. Кхузара дІадоьлху вай». Аса шайна тІедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тІедехкинарш нийсса кхочушдина дела. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза.
Выбор основного перевода