Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тІаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хІума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дІа а делла, цо и зуда шен цІенна тІера дІайохуьйту. Амма, масала, иза шолгІачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дІа а делла, и зуда шен цІа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгІа майра дІакхалха мега. Эзарна тІаьхьа цхьа мостагІа муха валалур вара, шина мостагІчуьнга итт эзар исраилхо муха дІавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча! Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаІе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХІинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кІант дІавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь». Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хІумма а дац. Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара. ХІунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву, ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цІе. Везачу Эло хІара боху шен халкъе: «ХІумма а йоцучу хІуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу». Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дІатесна а йолчу зудчуьнга санна, – боху хьан Дала. – КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дІахердина. Амма Суна гира, и массо а хІума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ а, дІа а дахана, кхахьпа санна лелара. «Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала. Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дІавохка аьлла.
Выбор основного перевода