Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеххьана хІаллакьхилар нислойла хІинца царна шайна. Къайлаха когаш кІел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хІаллакьхуьлийла уьш. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Іийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду, Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна. Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо.
Выбор основного перевода