Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера. Цхьаболчара юьхь тІе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тІара детташ, ТІаккха цо Барраб дІахецийтира, ткъа Іийса, шед а еттийтина, церан кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама. Цара Цунна тІе туйнаш детта долийра, тІаккха Цуьнан карара Іаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. Іийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара. ТІаккха Пулата омра дира, Іийса дІа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла.
Выбор основного перевода