Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. ТІаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а хІаллакбира цо. Санхьариб, юьхьІаьржачу а хІоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цІа чу ваьлча, цуьнан шен тІаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза. Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гІоранца дитташ тІера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дІахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду. Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю. Сайн махкахь ашурхой хІаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тІера дІадер ду, церан белшаш тІера беза мохь а дІабер бу». Суьйре тІееача, кхерам хІутту, амма Іуьйре тІекхачале мостагІий дІабевлла бу. Иштта хир ду вайх хІонс оьцучарна, и кхаж бер бу вайна талор дечарна. «Адаман доцучу туьро дужуьйтур ду Ашуран къам, стеган доцучу туьро дІакхоллур бу ашурхой. Туьрана хьалхара дІабовдур бу уьш, церан кегийчу нахах лай хир бу.
Выбор основного перевода