Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагІийн кхардарх къахкарна, церан мостагІий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хІара-м’“. Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Цуьнан садеІар логе кхаччалц хьаладаьллачу дистинчу хих тера ду. Цецаца Цо къаьмнаш дегадо, диканиг вочух дІакъасторхьама. Халкъийн мочхалшна Цо гаьллаш йохку, церан новкъа тІера уьш зуламечух дІадигархьама. Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гІали чу вогІур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мІерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тІамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТІемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш. Шен возаллица чІагІо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мІерашца текхор болу денош шуна тІедогІур ду», – бохуш.
Выбор основного перевода