Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Ярушалаймера схьабогІур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богІур бу шаьш кІелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан хьагІ йоцучу эмгаралло кхочушдийр ду. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». Соьца къамел деш долчу малико соьга хІара элира: «ДІа а кхайкхаде, дІа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со.
Выбор основного перевода