Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара элира ЕшаІ-ЯхІуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхІус: „Сингаттаман а, таІзар даран а, эхь тІедаран а де ду хІара, хІунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. ХІоттийначу суьртан тогІи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гІалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду. Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тІедогІур ду цунна. Иза хьекъал доцу кІант ву. Дуьнен чу вала хан тІееача, ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.
Выбор основного перевода