Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. ТІедогІучу деношкахь Якъубан тІаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». Амма царах кІеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Іожаллин уьнах а кІелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дІадийцийта. ТІаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла». Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хІаллаквина. Ас церан лакха тІера стом а, лахара орам а хІаллакбина.
Выбор основного перевода