Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? ЦІуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цІуш Ярушалаймехь а, Шамран-гІалахь а болчу цІуйл нуьцкъала бара – Хьузакх-ЯхІуга шаьш ле ма дайта: ‘Везачу Эло вай кІелхьардохур ду’, – бохуш. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кІелхьарбаьккхиний? Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм-гІалин деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?“»
Выбор основного перевода