Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Исраилан халкъан Іу, ладогІахьа! Юсупан тІаьхье, жа санна, дІадуьгуш верг, каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршана тІехь хиъна Іаш верг, Хьуо гайтахьа Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Со ву латта кхоьллинарг, цунна тІехь адам а Ас кхоьллина. Сайн куьйгашца стигалш дІасаяржийна Ас. Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду. И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доІа дан хІиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина!
Выбор основного перевода