Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Белхарца хІу эцна кха тІе воьдуш верг самукъадаларца шен цІевнаш дахьаш юхавоьрзур ву. Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Ахь мах баларца паргІатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тІе богІур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тІехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дІадевр ду. Шун юьхьІаьржачу хІоттаран метта лаьттан шозза дакъа лур ду шуна. Шу сийсаздахаран метта шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу. Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна, гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун. Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гІали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а. Шуна гур ду иза, тІаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагІашна оьгІазгІур ву Иза». ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш». Дала церан хІора бІаьрхи а дІадоккхур ду. ХІинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хІунда аьлча хьалхалера хІуманаш дІадевлла».
Выбор основного перевода