Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас, тогІешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду. Яьссачу аренах хин Іам бийр бу Ас, декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду. Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хІинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду. Шен мурдашца Иза дІаваха кечвеллачу хенахь Іийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. Іийсас жин дІалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хІума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац». Делан цІийнан кертахь волчу Цунна тІеэха буьйлабелира бІаьрзенаш, астагІнаш. Цо уьш тобира. Іийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало». И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гІайба схьа а эцна, дІаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара. Сох тешначун, Делан Йозанашна тІехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду». Иза, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. ДІаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цІийнан керта вахара иза.
Выбор основного перевода