Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо дуьйцура диттех лаьцна хаза хІуманаш, Ливанун-махкахь долуш долчу баганан диттах лаьцна дІаволавелла, поппарца боьттинчу пенах схьаюьйлучу бецех лаьцна а олуш. Сулим-паччахьо дуьйцура дийнатех а, олхазарех а, текхаргех а, чІерех а лаьцна долу хІуманаш. Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дІаала Хьузакх-ЯхІуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бІобулуш дерг хІун ду?’ Цу дийнахь эр ду: «ХІара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кІелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кІелхьардахарна!» лакхара вайна тІе Делан Са доссийтталц. ТІаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цІа, тІаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган. Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.
Выбор основного перевода