Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача! ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тІулгаш дІадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна! Хьо Исраилан халкъан сатийсам хилла лаьтта, Хьо бохамах тхо кІелхьардохург ву. Ткъа хІунда ву Хьо тхуна хийра стаг санна, буьйса яккха бен чуван воцу некъахо санна? «Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хІаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дІабоьлху цу новкъахула. Дахарна тІевоьдучохь долу ков готта ду, цу тІе боьдуш болу некъ хала бу. КІеззигчарна бен иза кара а ца бо. Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен.
Выбор основного перевода