Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун махкахь машар хІоттор бу Ас. ПаргІат дІадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тІера дІалохкур ю Ас, тІом шун махкахь кхин могуьйтур бац. ХІара бу НегІаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дІаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дІабоьлху яхІудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тІедехкина, деза совгІаташ хьо цара цхьана а агІор шайна дан гІо доцучу халкъана. Яьссачу аренан акхарой акхачу жІаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Іоьхуш. Буьйсанан гІаларташ хир ду цигахь садоІуш а, шайна синтем лоьхуш а. «Везачу Эло паргІатдаьккхина, деза халкъ» эр ду царах, ткъа хьох «Лехна йолу а, дІатесна йоцу а гІала» эр ду. Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш.
Выбор основного перевода