Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас, тогІешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду. Яьссачу аренах хин Іам бийр бу Ас, декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш.
Выбор основного перевода